Кхиина ас хьуна зезаги бай текст песни
Обновлено: 23.11.2024
Ас сайна вехнера хьо до1анашца,
Хьо воцург ца эшнера кхи са дагна.
Сатийсамех марзо а хилла,
Ас ларво хьо сай некъашца.
Сатийсамех марзо а хилла,
Ас ларво хьо сай некъашца.
Кхиина ас хьуна зезаги бай,
Хилла соьх хьомениг безаман лай.
Лах яла ца туьгу са кийрара ц1е,
Ирсечу кхолламан ойла а ей,
Ца хадош вайшинна юккъера тай
Доьху ас ладог1а ахь са деге.
Вай дахар цхьана хир дац ма алахьа,
Кхечунна хьай б1аьрги нур ма лохьа д1а.
Хьа мерза дош дарбане хеташ,
Хьо везна дог ахь хьастахьа.
Хьа мерза дош дарбане хеташ,
Хьо везна дог ахь хьастахьа.
Кхиина ас хьуна зезаги бай,
Хилла соьх хьомениг безаман лай.
Лах яла ца туьгу са кийрара ц1е,
Ирсечу кхолламан ойла а ей,
Ца хадош вайшинна юккъера тай
Доьху ас ладог1а ахь са деге.
Кхиина ас хьуна зезаги бай,
Хилла соьх хьомениг безаман лай.
Лах яла ца туьгу са кийрара ц1е,
Ирсечу кхолламан ойла а ей,
Ца хадош вайшинна юккъера тай
Доьху ас ладог1а ахь са деге.(2 раза)
Читайте также: