Хьоьца кхоллам лоьху ас текст песни

Обновлено: 23.11.2024

Мадина Хамидова - Ойла

I.Хьан ц1е йог1уш суна хаза хета, билгало ю и безамна,
Хьо вуьйцуш сан дагах ц1е ма лета, кашла хьийза мерза са.

Припев: (2 раза)
Ойла, хьо сан деган къайлене ойла,
Иза-м суна тайнера, гойла вайшинна ирс къегийна.

II.Сан даго хьан даге орца доьху, доьху ас сай ирсана,
Безамо шен кхоллам хьоьца лоьху, ма вийлахьа и ца гуш т1ехь.

Припев: (2 раза)
Ойла, хьо сан деган къайлене ойла,
Иза-м суна тайнера, гойла вайшинна ирс къегийна.

Припев: (2 раза)
Ойла, хьо сан деган къайлене ойла,
Иза-м суна тайнера, гойла вайшинна ирс къегийна.

Нравится Показать список оценивших

Мадина Хамидова – Хьо цхьаъ ма ву

I. Сан даго кхойкху хьоьга синтем боцуш,
Б1аьргаш лоьху хьо гаре сатуьйсуш,
Волахьа, кхачахьа сан деган везар,
Безаман б1аьрхишца до аса хьоьга дехар.

Припев: (2 раза)
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.

II. Хьан дагна йовхо луш ю яга кийча,
Нагахь хьо безамах дог тешош хилча,
Сатийсар эрна ду ма ала соьга,
Хьо вовзар ирс хеташ хьоьжур ю хьоьга.

Припев: (2 раза)
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.

Припев: (2 раза)
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.

Хьо цхьаъ ма ву 2013 Нравится Показать список оценивших

Мадина Хамидова - Хастам бо

I. Хьомениг хьо вукха ас х1иццалц лехнарг,
Буьйсанна дийнахь а до1анца вехнарг.
Са дуьне, са безам, са дега эла,
Хьо сайна вовзарна хастам беш еха.
Са дуьне, са безам, са дега эла,
Хьо сайна вовзарна хастам беш еха.

Припев: (2 раза)
Хастам бо, хастам бо хьо сайна вовзарна,
Хьа оьзда г1иллакхаш хьомениг довзарна.
Ирсе ю, ирсе ю со тахна ирсе ю,
Дуьненчохь хьо мел ву со ирсе ехар ю.

II. Хьа царца боккху ас мел боккху ког,
Хьа доьхьа детта ло са жима дог.
Са ойла, са дахар, са ирс ду хьоьца
Теша хьо хилахьа хьомениг соьца.
Са ойла, са дахар, са ирс ду хьоьца
Теша хьо хилахьа хьомениг соьца.

Припев: (2 раза)
Хастам бо, хастам бо хьо сайна вовзарна,
Хьа оьзда г1иллакхаш хьомениг довзарна.
Ирсе ю, ирсе ю со тахна ирсе ю,
Дуьненчохь хьо мел ву со ирсе ехар ю.

Припев: (2 раза)
Хастам бо, хастам бо хьо сайна вовзарна,
Хьа оьзда г1иллакхаш хьомениг довзарна.
Ирсе ю, ирсе ю со тахна ирсе ю,
Дуьненчохь хьо мел ву со ирсе ехар ю.

Ирсе ю, ирсе ю со тахна ирсе ю,
Дуьненчохь хьо мел ву со ирсе ехар ю.

Читайте также: