Замано болар до текст песни
Обновлено: 09.11.2024
Шах Ислангириев «Езар»
1 куплет
Б1арзвелла лоьху ас некъаш
Хьо йолчу во1гу некъаш
Дагна сан гергара хеташ
Ма генахь хила-кха хьо
Эрна ду те хьан ас лехар
Наггахь дог дицдан кечло
Амма мел гена д1аэхарахь
Хьуна т1е кхача ца ло
Припев:
Теша, суна хьо еза
Хьан хаза елар деза
Езар, безам
Стенгахь хьо лела те, безам?
Сатуьйсуш ваха ву реза
Карор буй хиъча сайн безам
2 куплет
Со хьегош, лаам ца лоруш
Хервина хьоьх замано
Тахана хьо генахь йолуш
Ма цхьалха висина со
Сан даг чохь шийла вас йитна
Сох уьдуш ахь болар до
Ванах, сан декъазчу синна
Хьанал ца хили те хьо
Тамара Дадашева «Дуьсур ду»
Моьттура ирс деъна гуттаренна
Моьттура даимна цо хьоьстур ю
Исбаьхьа хазачу вайн безамах
Моьттура даимна йоккхайийр ю.
Моьттура шийла 1а кхочур а дац
Моьттура дагчуьра йовхо йовр яц
Моьттура, хьомениг, хьоьх къаьстина
Кху маьлхан дуьненахь со лелар яц
Припев:
Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,
Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур ду
Дуьссур ду,дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур ду
Юьссур ю, вайн ирсе хилла зама
Дагалецамаш хилла юьссур ю.
Йочана яхъелла шен тийжарца
Со хьалхе ма йиси сайн 1ийжамца
Бехк хьенан бу теша вай къестарна
Безамо сел ч1ог1а вай хьестарна
Ма дийца д1адаьлларг, дог ма 1ийжа
Ма хьиза хьаса хьо сел тийжамца
Д1ахеца безам хьайн дог деладой
Х1ун хаьа х1ун дохьу кханенаш вайн
Припев :
Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,
Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур ду
Дуьссур ду, дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур ду
Юьссур ю, вайн ирсе хилла зама
Дагалецамаш хилла юьссур ю.
Читайте также: