Текст песни шарпудди исмаилов

Обновлено: 19.09.2024

Мичхьа ду хьан Ницкъ кураллий - ас аьрзоне хаьттира,
Шен Ницкъ болу ши т1ам тоьхна - Аьрзо хьала г1аьттира.
Бертахь Доьзал, Маьрша Даймохк - беца Къонахчуьн ши т1ам.
Бийца Мохккий Моттий бацахь - Адамех ца Олу Къам.

Къонахчуьн Дарж Оза Терза - х1инца а данза ду бах,
Дуьне Цуьнца Дуста Г1ортах - Сов хир бу Къонахчуьн Мах.
Вага Къонах Оьшуш Хилахь - Молха Санна Вагалахь.
Де кхоладеш Буьйса яг1ахь - Хаьштигах Хьо Къагалахь.

Къонах воцуш ваха атта - хилла Массо Заманахь.
Атта дацарх Къонах Хилий - Тахна Ваха 1амалахь.
Къонахашна Зама йоцуш - хилла а яц Заманаш,
Замане ца ловзавойтуш - Зама Ловзо 1амалахь.

Даржех Уггара Лакхар чарах - Ду Хьуна К1ант Къонаха.
Цу Дарже Хьо Кхаьчна вацахь - Лахал Хьаже гонаха.
Уггар Лакхар Къонах Дош Ду - Вай Ц1ер Дешций легарехь.
Сийлаллий Таж Нана Ц1е Ю - Маьлхан Нуьрехь Къегарехь.

Массо Ирсен Волчу хенахь - Ирсе Хила 1амалахь,
К1ад а Ца луш хало Лар а - Ду Къонахчуьн Амалех.
Вай-м Дуьненчу Сакъера а - Тойнехь 1ен Ца Даьхкини,
Дуьне Хазда Кхана Делчи - Сий Дайта Вай Даь1ахкийн.

Читайте также: