Текст песни доьхна дог

Обновлено: 19.09.2024

Сан даг тIе Iанийна хьай бIаьргийн гIайгIа..
Къаьхьа а, мерза а хьовзина дог..
ДIаяха, куьйга тIехь дешачу лайха..
Хьо лоьхуш, хьо йоьхуш ас некъаш до..
ТIаьххьара къаьхьа дош соьга схьа аьлла..
Ахь атта дохийна сан жима дог..
ХIинца а, массо а дуьйнена маьIара..
Доьхна дог лехьадеш вехаш ву со..

Сан даг тIе Iанийна хьай бIаьргийн гIайгIа..
Къастаро теснера безамна ког..
Сан даг тIехь хIинца а йисна хьан йовхо..
Амма сан туьйрана хьаша яц хьо..
ТIаьххьара къаьхьа дош соьга схьа аьлла..
Ахь атта дохийна сан жима дог..
ХIинца а, массо а дуьйнена маьIара..
Доьхна дог лехьадеш вехаш ву со..

Читайте также: