Слова песни вигахьа нана

Обновлено: 22.11.2024

Хьайцана хIаьжкIашна асара
Вигахьа, нана, со кхин цкъа а.
Вигахьа, нана,со, вигахьа,
ГIаттавай Iуьйренан малхаца,
Массо а хаза гIан хададай,
Берзинчу когашца бацалахь
Iуьйренан тхи дожош ,вигахьа,
Наб йогIу, бахарх,ма витахьа.

Ца оьшу хьуна куьг лаца а,
Хьайцанна нийса со ва ца лахь-
Дов дехьа,ма-дарра маццаха,
Боларна сан оьгIазяхача.
Нана, кхин цкъа мукъне вигахьа,
Бовхачу меттара гIаттавай,
Наб йогIу бахарх, ма витахьа.

Ас айсса ирйийру ю метиг а,
Де, дохлуш,делкъенга лестича,
ГIертар вац со лийча ваха а.
Вигахьа,нана ,со асара,
Нана,со бералле вигахьа,
Чехавеш, тIаьхьа а хIоттавай.

Яндарбиев Зеламха. Hayatsana hIazhkIashna asara
Vigahya, nana, so khin ck'a a .
Vigahya, nana, so, vigahya,
GIattavaj Iujrenan malhaca,
Masso a haza gIan hadadaj,
Berzinchu was once thrown
Iujrenan thi dojosh, vigahja,
Nab jogIu, baharh, ma vitahja .

Ca o'shu hyuna ku'g laca a,
Hajcanna nijsa so va ca lah-
Dov dehja, ma-darra maccaha,
Bolarna san ogIazyahacha .
Nana, khin cka mukne vigahya,
Bovhaču mettara gIattavaj,
Nab jogIu baharh, ma vitahya .

As ajssa irjijru û metig a,
De, dohlush, delk'enga lesticha,
GIertar vac so lijča vaha a .
Vigahya, nana, so asara,
Nana, so beralle vigahja,
Chekhavesh, tIahya a hIottavaj .

Читайте также: