Песня самукъне сахьт текст
Обновлено: 23.11.2024
Вай цхьана кхетта сакхера х1инца хевшина,
Зудберийн озо массеран дегнаш айдина,
Мел хаза хета кху суьйрене шу гулделла!
Мел дика хета шу долуш вай бал тобелла!
Цхьа ког шершош хелха ера ю со ла-ла-ла!
Жимма 1е к1ант, ахьа вота тоха, х1орс то1!
Ма дог1уш ду вайшинне хелхар, ла-ла-ла!
Самукъне сарахь даздер вай тайна, ла-ла-ла!
Мах белла ловзар вай х1отто деза суьйранна,
Даггара цунна дош дита деза нийсаршна,
Кегийрхой вовшех синкъераме боба хевшина,
Доттаг1ий гонах ловзар дош алар къевсина.
Сийначу майданехь т1амаршца зезаг х1оьттина,
Хьоьжу б1аьрг хьаста, дегнашкахь б1аьсте лоттийла,
Хастам бу хьуна сийлахь сан Даймохк, ч1аг1лолахь,
Машаран т1аьхье тхан доьхьа кхио бахалахь
Читайте также: