Ислам хариханов текст песни

Обновлено: 26.11.2024

ХIоъ-молхий тIедеттарх, ца боьхна кIентий,
Богучу Даймахках ца идда кIентий,
Вайн эхарт рицкъанах ца хийцина кIентий-
Боьхна Даймахкана совбоьвлла кIентий.

ТIедетта герз кIелахь ламазна хIуьттуш,
Кхачаме ца хьуьйсуш, марханаш кхобуш,
ГIаьзотехь Делаца гергарло чIагIдеш,
ЮьхькIайчу хIотти вай бакъ волу Элча.

Вайн гIаьзот дац бахарх иблисан лайша,
Вай тоьлур дац бахарх тиллачу дайша,
ЮьхьIаьржа ца бин вай, гIаьзотехь бахнарш-
Дуьненахь, эхартахь сий долу кIентий.

Хьо воцург, кхин да вац, гIо деха, Дели,
Тхан тоъал дац тахна Исламан орца.
Бусулба дин толош, тхо декъал делахь,
Тхан гIаьзот къобал дай, йа АллахI Дели.

Дуьне а ца доьху, тхан Сийлахь Дели,
Бахам а ца боьху, комаьрша Дели,
Синош а кхоор дац, ва Везан Дели,
Дин толо ницкъ лолахь, йа АллахI Дела.

Ахь йинчу кхелана къера ду, Дели,
Тхан миска бахьанаш тоъал ца хилахь.
Хьайн Элчан Умматах къинхетам бехьа-
Тхо доьхна дац хьуна, йа АллахI Дели

Читайте также: