Хаза йо1 текст песни

Обновлено: 19.09.2024

Суьйранна вайша ца гахь,
Суна хьан аз ца хазахь,
Тийналло хорам бина,
Лелар ву со буьйсанна.

Хьол хаза йо1
Суна ца гина,
Цхьанне к1антана
Нанас ца йина.

Хьагвелла, шовда молуш,
Ца гур-техь хьан сирла сурт,
Седанно лепош стиглахь
Дуй-теша хьан б1аьргийн нур.

Ламанца хьо лоьхур ю,
Стиглахь юй хьожур ву,
Дуьненна го баьккхина,
Хьо йолчу со кхочур ву.

Читайте также: