Текст песни нохчий паччахь

Обновлено: 06.07.2024

Текст песни - безаман лай
Ас сайна вехнера хьо до1анашца
Хьо воцург ца эшнера кхи са дагна
Сатисамех марзо а хилла ас лар во хьо сай некъашца
Сатисамех марзо а хилла ас лар во хьо сай некъашца

Кхиина ас хьуна зезаги бай
хила соьх хьоменаг безаман лай
Лах яла ца туьгу са кирара ц1е
Ирсе чу кхоламан ойла а йей
Ца хадош вайшина юкъера тай
Доьху ас ладоха ахь са Даге

Вай дахар цхьана хир дац ма алахьа
кхечуьна хьа баьрги нур малохьа д1а
Хьа мерза дош дарбане хеташ
Хьо везна дог ахь хьастахьа
Хьа мерза дош дарбане хеташ
Хьо везна дог ахь хьастахьа

Кхиина ас хьуна зезаги бай
хила соьх хьоменаг безаман лай
Лах яла ца туьгу са кирара ц1е
Ирсе чу кхоламан ойла а йей
Ца хадош вайшина юкъера тай
Доьху ас ладоха ахь са Даге

Нравится Показать список оценивших

Текст песни - са безам
Хьена ирс ду хьо бохуш даго синтем ца ло,
Мелла хьа ойла ярах иза кхи га ца ло,
Са безам дуьнена меха хилла хиллера хьо,
Теша хьа сий деш яха яла реза ю со

Хьоьца бе са ойла ехар яцкха хьуна бе,
Са эшар хезар яцкха дагна бе,
Хьа ойла хуур яцкха тидам беш,
Са дог ахь пархат дакха хьа

Реза ца хила йиш яцкха кхолламна са,
Деза довза а кхетам бела адамашна
Са эшар кхолламе кхидаш даим ехар яра
Безам кирара дог хьа доьхьа догуш дара

Хьоьца бе са ойла ехар яцкха хьуна бе,
Са эшар хезар яцкха дагна бе,
Хьа ойла хуур яцкха тидам беш,
Са дог ахь пархат дакха хьа

Нравится Показать список оценивших

Тамила Сагаипова - Теша соьх
Кхолламо кечдина са дахар хьоьца
Къоналли безамо дог хьоьстуш хенахь
Реза ю хьомениг сатуьйсуш яха
Хьоьца бе ца лоьху аса сай дахар

Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам тешам

Мехкаршна юккъехь са ирсан кхаж белла
Хьа х1усмехь сий хилла ехар ю аьлла
Хьа ц1ина ц1е ларъеш ехар ю теша
Волахьа хьомениг са дега беша

Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам

Са х1усман денош хир ма ду шийла
Хьо вог1уш ца хилахь безамца суна
Хууш ю денош д1аоьхур ду хийла
Ас ирс сай лардийр ду д1адала хьуна

Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам тешам

Нравится Показать список оценивших

Текст песни -Йогу со
Мелачу х1аваъо, суьйре ю хьоьстуш,
Сан новкъахь хьо вовзар - сатийсам бостуш,
Ехначу б1аьстено заза хьахьуькхуш,
Сан йоьхьт1е хийза хьо, б1аьрг серла боккхуш.

Ехначу б1аьстено заза хьахьуькхуш,
Сан йоьхьт1е хийза хьо, б1аьрг серла боккхуш.

Припев:
Садууш, сахьийзаш, Сан дог хьагаделла.
йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

Цкъа мацца а хира ю со, хьа массо а ханна,
Х1инца хьо, д1алела, ойлане некъахь,
Хьуна моьттара хира ду, лар доллуш денна,
Йог1ушехь кхечи со хьан дахар декъа.

Хьуна моьттара хира ду, лар доллуш денна,
Йог1ушехь кхечи со хьан дахар декъа.

Припев:
Садууш, сахьийзаш, Сан дог хьагаделла.
йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

1уьйранна г1отту малх, чубузу сарахь,
Сирлачу беттазо, йовхо лоца арахь,
Мехаш а лелаша ду х1аваъех толуш,
Ткъа стигла ехаша ю цкъа а чекха ца йолуш.

И стигла, ва санна, цкъа а чекх ца болуш,
Бехийла вайн безам, вовшешна дезаш.
-= =-
Припев:
Садууш, сахьийзаш, Сан дог хьагаделла.
йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

йогу со, йоьлху со, Хьо везавелла,
Алахьа, х1ун ду те, Вай, суна хилларг.

Нравится Показать список оценивших

Наташа Молодкина

Выложите пожалуйста текст песни "Нохчий паччахь".Заранее спасибо. Нравится Показать список оценивших

Халкъа дуьхьа дина некъаш
Лар а йоцуш дайна дац
Машара го заза хьекъаш
Дехарг хилар шеко яц
Машара го заза хьекъаш

Дехарг хилар шеко яц
Хьена куьго мохк хаз бина
Массарна а хууш ду
Къома паччахь хьан сий дина
Хаза эшар локхар ю

Кхайкхор ду дуьненна хаза
Тхайниг санна кхи хир вац
Кхочаш бинарг халкъа лазам
Цул тхан хьоме х1умма дац
Кхочуш бинарг халкъа лазам

Цул тхан хьоме х1умма дац
Дахарах ша дина туьйра
Халкъе ирс цо кховдина
Мисканиг ца хетта хийра
Харцо ц1а ца ловзина

Нохчийн к1ента са ду маьрша
Доьналлех ду дуьзна дог
Халонаш мел дукха яржарх
Юха цо ца бокху ког
Халонаш мел дукха яржарх

Юха цо ца бокху ког
Нохчийн паччахь халкъа безам
Хьоьца даим бехар бу
Сий долу к1ант дукха везаш
Тхан дегнаш чохь вехар ву

Нравится Показать список оценивших

Текст песни - Нана

Милаша хьа наб ца йохош
Куьйгаш т 1е хьуна барт олу
Дарбане хьа дега йовхо
Даимна са даг ца йогу

Са да1а со йина нана
Доьзална ехар хьо кхана
Г 1енашкахь жимали кхида
Диталахь са парг1ат хьийза

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Тховса бен тидам ца хилла
Къоьжала месаш т 1е йоьжна
Лацалуш дагахь ша бина
Йоьлху со г 1айби т1е йоьжна

Са хаза са хьоме нана
Йижахьа биц бай хьай бала
Г 1енашкахь бералла леха
Дитахьа хьай са маршо йеха

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Мелаша месаршъа хьостуш
Муьлу ас хьа дега марзо
Хьаналчу куьгех куьг хьокху
Ешара мог 1анаш йаздо

Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо йу аьлла
Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо йу аьлла

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Нравится Показать список оценивших

Текст песни - навеки твоя
"Со хьа ю массо а ханна"

Йог1уш ю гуш а со,шу ков,керта

Къайлахь б1аьрг бетта хьога хьоьгуш

Денна хьуна т1екхача г1ерта,

Гайта сай дог ц1арах догуш.

Ян лаьа шуьга сай ц1а санна.

Хестахь со,лаахь чехаехьа,

Ч1ог1а везий хууш,нийсароша

Хьо соь хотту наггахь дог тедеш.

Вайшиъ цхьана лууш кхетийта,

Даимна вайна сагатдеш.

Ян лаьа шуьга сай ц1а санна.

Хестахь со,лаахь чехаехьа,

Нравится Показать список оценивших

Тексты песен - нохчи к1ант

Кху дуьнена веъна ву и маьрша ваха а
Ц1ийца йолуш маршо дайша шега кховдина
Цунна санна кхуур дац-кха мехка лерам ба
Шеца харцо лелинариг цо ца ловзийна

Припев:
Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са
Цуьнгахь йолу Майралла дуьне эшшол ю
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву

Замано ше куьг а тесна дахчийна ду дог
Вухур вац и лаьмнаш лелхарх, латта дагарах
Кхеравелла юха боккхур болуш вац и ког
К1илло хилла вехар вац-кха хьо кху дахарехь

Припев:
Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са
Цуьнгахь йолу майралла дуьне эшшол ю
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву

Хьовсийша, ма нуьре лепа цуьна ойланаш
Маьрша ваха хиъначунна масал хилла га
Б1ешерашкахь дуьйна хилла нохчи к1ента яхь
Летта вала волуш кийча и ца яла д1а

Припев:
Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са
Цуьнгахь йолу майралла дуьне эшшол ю
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву

Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са
Цуьнгахь йолу майралла дуьне эшшол ю
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву

Нравится Показать список оценивших

Хаза нускал далийна той ду хосиюьртахь,
Хусейн марда хилла хьийза Маккех хили марнана,
хьоме марйиша Камила, Адам Мансур маравежрий
массана сов хаза хета хоси-юрт ю айъина.

Тха ваша Хайрулла хьоме нус ю хаза Жайна,
мерза безам де ба шу декъал хилла даха шу,
Дала декъал дойла шу, ирсо лар деш даха шу,
Хайрулла а Жайна, Хайрулла а Жайна.

Нускала ц1е Жайна ю, и зезагал тайна ю,
К1ента ц1е Хайрулла ю, и цхьа дика к1ант ву,
Иши1 цхьана товш ма ду Ромео Джулиетта санна,
Царшин безам ц1ена бу, царах моссо хьоьгуш ву.

Тха ваша Хайрулла хьоме нус ю хаза Жайна,
мерза безам де ба шу декъал хилла даха шу,
Дала декъал дойла шу, ирсо лар деш даха шу,
Хайрулла а Жайна, Хайрулла а Жайна.

Ловзарга баьхкина хьеший сакъера делла 1аш бу,
пондар лоькхуш вота етташ хелхарш деш кегийраш бу,
мехкарий бу хаз кечбелла цхьанатерра д1ахитина, массо ву самукъа даьлла ловзар хьала айъина.

Тха ваша Хайрулла хьоме нус ю хаза Жайна,
мерза безам де ба шу декъал хилла даха шу,
Дала декъал дойла шу, ирсо лар деш даха шу,
Хайрулла а Жайна, Хайрулла а Жайна.

Нравится Показать список оценивших

Аьхкенан цхьан хазчу дийнахь
1алам хьикъиначу хенахь
Йо1 йина аьлла кхаъ боккхуш
Хаам бира самукъдоккхуш

Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг
Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг

Нана къайлах хьоьжу хьоьга
Яккхи еш луш хьуна хьекъал
Зезаг санна кхуьуш ю хьо
Б1аьрг ма хилларг хаз луш ю хьо

Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг
Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг

Эшаран х1ар хаза совг1ат
Хьуна кечдинарг ю 1айшат
Лераме Меднис, гергарчара
Йинчу денца декъал йо хьо

Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг
Ама, Амнат, Амушка, кхии яла золушка
Ирсо денна хьестариг, дуьне даа яхариг

Нравится Показать список оценивших

Деган з1аьнарша со хьоьстуш,
Хьан ирсо д1акхайкхира..
Цу з1аьнаршца дегнаш дагош,
Безамо вайх ц1е латийра.

Ахь со 1ехош,юха тешош
Дегнаш ловзадехира.
Хьан б1аьргашца б1аьрса лоьцуш,
Хьан безамо со эшийра.

Лоьхуш,воьхуш карийна
Деган къилба латийна.
Ма хаза ду вай девзина,
Хьан даго со хаьржина,хьан даго со хаьржина.

Къона долу дегнаш кхаьхкаш,
Хи т1улгех тер детталуш,
Дегнаш чу вай безам 1енаш,
Хьогалла д1аяла ца туьгуш.

Ахь со 1ехош,юха тешош
Дегнаш ловзадехира.
Хьан б1аьргашца б1аьрса лоьцуш,
Хьан безамо со эшийра.

Лоьхуш,воьхуш карийна
Деган къилба латийна.
Ма хаза ду вай девзина,
Хьан даго со хаьржина,хьан даго со хаьржина.

Нравится Показать список оценивших

Хьогалла, хьогала хьо дага воьхна
Са некъе кхерстина хьогалла
Ца лалуш, ца лалуш са собар доьхна
Со муха яьхна те хьо галлалц

Сийначу стиглахь ю са ойла кхокха
Юх-юха хьуна го туьйсу цо
Маршалла схьакхийдош хьоь сийлахь доккха
Довхачу ирсе сатуьйсу цо

Хьогалла, хьогалла хьо дага воьхна
Са некъе кхерстина хьогалла
Ца лалуш, ца лалуш са собар доьхна
Со муха яьхна те хьо галлалц

Ломахь сел г1ерг1ари са дега аз ду
Хьо воьхуш, хьо лоьхуш даьржина
1алам а, 1илма а ахь суна хазди
Ас сайна дуьненчохь хьо хаьржина

Нравится Показать список оценивших

Безаман сий

Мотт сецна хиларх со,
Даго шеха кхетор вара хьо..
Б1аьрзе ца хилча хьо,
Цунан серло хунда олу ахь ца го?

Сан б1аьргаш ойлане куьзга хилла хьоьга хьоьжура,
Маржа я1,царна чохь долу йоза хунда ахь ца доьшура?

Нравится Показать список оценивших

Захало

1 куплет:
Цхьа хаза кхаъ баьккхи соьга,
Кирара ша башош са.
Сарахь шовда эца йола,
Аьлла хабар кхачош схьа.
Сарахь хит1а г1ура ма ю,
Доьхна дог сай дерзор ду.
Со ле ярна,1еха ярна
Ас хьар эшар кхайкхор.

Припев:
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.

2 куплет:
Сарахь хита со яхара,
Хит1ехь хьоьжуш к1ант вара.
Шен нийсарой теш а лоцуш
Яккхи цо со к1инт1ера.
Цхьа дог дохуш,ши дог дохуш,
К1ант забарш я вуьйлира.
Сан оьг1азло д1аелира,
Со езаш вуй хиира.

Припев:
Б1аьргаша хьо къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант хьо хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.

3 куплет:
Цкъа ца лаьтта ж1аьлеш лета,
Сирла буьйса,бета са.
Кертхь,к1ет1ахь нах ма лаьтта,
Мама йоьхна хьийза са.
Кеч велла к1ант хит1ехь лаьтташ,
Йо1е а т1е кхайкхичи.
Хаа дезар хьуна,мама,
Йо1 хьай маре яхал юй.

Припев:
Б1аьргаша сан и къастийна,
Веза велла дагна са.
Ву боху к1ант и хиларна,
Ю боху йо1 юкха со.
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.

Припев:
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.
Б1аьргаша и къаставарах,
Веза валарх дагна са.
Ву боху к1ант и хиларах,
Ю боху йо1 юкха со.

Читайте также: