Стиглара д1абайна седа текст песни

Обновлено: 15.05.2024

Стиглара д1абайна седа,
Лаьмнашкахь охьабуьйжи сай,
Вай дахар ма доца хета,
И дуьтуш лийр ду те вай.

Зазашлахь схьакхечи б1аьсте,
Аренаш синаллехь яй,
Иллица аса безам хасти,
И буьтуш лийр ду те вай.

Диканна, г1онна а кхачахь,
Доттаг1а лехнера вай,
Доттаг1а къинт1ера ваккха ца кхуьуш лийр ду те вай.

Г1арг1улеш гуьйренца йоьлху,
Дерза ду т1е детташ дай,
Дашочу дуьненна воьлху,
И дуьтуш лийр ду те вай.

Сан некъаш гал-марзах дуьйлуш,
Кхачазчу геналлехь дай,
Дахаран йист йоцу некхаш ца девзаш лийр ду те вай.

Читайте также: