Песня даймохк нана текст

Обновлено: 22.12.2024

Декъала хила хьо,деги безам,
Декъала хила хьо,ненан дог.
Хьоьца ю сан ойла яха,хьоьца толлур бу ас мох.
Дехьа-сехьа вог1ий хьаьжна,юьхь-сибат хьан лоьху ас.
Цхьанийн воцуш,хилахь соьца,1аьржа б1аьргаш доьху ас.

1аьржа б1аьргаш дуьту сайна,1аьржа б1аьргаш ду шу сан,
Керла дахар дусту хьоьца,
Ойла яц хьоьх яла цкъа.
Везачу Дала суна делла,везавелла дагна сан,
Сайн са даллал оьшу суна х1ора сарахь амат ган.

Хазачу сарахь вог1ий хьаьжна,г1айг1ане со йожий ахь.
Хьоьх дог дилла со ца х1утту,уллехь оьшу хьо суна.
Сайн дог даста,бала балхо лаьар-кха кхун суьйренца,
Хьо воцуриг мила хир ву карон верг кхун дагна сан.

1аьржа б1аьргаш дуьту сайна,1аьржа б1аьргаш ду шу сан,
Керла дахар дусту хьоьца,
Ойла яц хьоьх яла цкъа.
Везачу Дала суна делла,везавелла дагна сан,
Сайн са даллал оьшу суна х1ора сарахь амат хьан.

Читайте также: