Мадина юсупова элина текст песни

Обновлено: 22.12.2024

Ма бала лаьтта сан кийрахь
Аса хьаьнга буьйцур бу и
Ма серла юьйлу и алу
Аса стенца йоьйур ю и

Припев:
Х1у ду те сан коьрто хьоьхург
Х1у ду те сан даго лоьхург
Стенна йо те безаман г1айг1а
Стенна хьийза хеназа ойла
Х1у ду те сан коьрто хьоьхург
Х1у ду те сан даго лоьхург
Стенна йо те безаман г1айг1а
Стенна хьийза хеназа ойла
ойла

Мацалла ловр ю сан дег1о
Халонаш ловр ю сан ницкъо
Ойланаш лалац сан коьрте
Безам а лалац сан даге

Аса хьаьнга деха те орца
Соьх х1инца мила ву кхета
Ма хала хиллакх сецо
Маьхьарца буьзна и кийра

Читайте также: