Имран ц1ык1у текст песни
Обновлено: 22.12.2024
Гена, гена новкъа къоналла д1а хьажош,
Лааркха ала т1аьххьара дош,
Т1аьхьа со кхойкху г1ийла, ладог1а, ма лохьа сих,
Х1усам ю тахна сан шийла, б1аьргаш сан дуьзна ду хих.
1а дика йойла хьан, д1айоьду къона хан,
Гена мел йели хьо хета дашо.
Иллехь вай хьехийна, хийла йо1 1ехийна,
Вайшинне безам ахь биц ма белахь.
Кхерстачу цу ц1арахь шийла чиркх хили хьо,
Лай к1елахь йисича г1ора яц хьо,
Хийла ас ницкъ би хьуна, хийла ас хьан дог дохий,
Къин т1ера яла суна, гур дац вай вовше кхи.
1а дика йойла хьан, д1айоьду къона хан,
Гена мел йели хьо хета дашо.
К1енти ахь хьоьстур бу, цо шеха къаьстор ву,
Куралла йожош дог 1овжор ду сан.
1а дика йойла хьан, д1айоьду къона хан,
Гена мел йели хьо хета дашо.
Ас санна сий ца деш, 1азапехь йагайеш,
Кхечо хьо йойур ю, кхоам бу хьан.
Читайте также: